1
Йорданал дехьа, малхбузехьа, хІорд болчу агІор Іачу эмархойн паччахьашна а, хІордана уллохь Іачу канаІанхойн паччахьашна а хезира, исраилхой дехьабовлучу хенахь Везачу Эло Йордан-хи лакъийна аьлла. Паччахьаш чІогІа кхерабелира, исраилхошна дуьхьалбовла доьналла дацара церан.