Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза хезна халкъаш кхоьруш хир ду. ПІелаштамхойн халкъ кхерамо Іадийна хир ду. Цу махкахь дехаш долу халкъ ницкъ болуш а ду, церан гІаланаш чІагІйина а ю, дикка яккхий а ю. Тхуна-м Іаьнакхахой а гира цигахь. Цо элира цу шинга: «Суна хаьа Везачу Эло хІара мохк шуна дІабеллийла. Тхуна тІе кхерам боьссина, тхан дегнаш, шух кхоьруш, дегош ду. Тхуна хезна, шу Мисар-махкара арадевлла догІуш, Везачу Эло шуна хьалхара Эрзийн хІордан хи дІадаьккхина бохуш. Ткъа иштта Йорданал дехьа Іийначу эмархойн ши паччахь Сихьон а, ІовгІа а аша хІаллаквинийла а хезна тхуна. Цунах лаьцна тхуна хезча, тхан дегнаш шелделира, тхоьгахь цхьаьнггахь а шуна дуьхьало ян доьналла ца дисира, хІунда аьлча шун Веза Дела лакхахь стигалахь а, лахахь лаьттахь а Дела ву. Иштта цунна гира кхузахь боу кхача а, паччахьан уллоранаш Іаш болу меттиг а, ялхой оьзда хилар а, церан духар а, цо дІахІотто чагІар а, Везачу Элан цІийнан кертахь Сулим-паччахьо дохуш долу дийнаташ дагоран сагІанаш а. И дерриг а шена гича, чІогІа инзаръяьллера иза.
Выбор основного перевода