Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дІа а тосур вац Ас. Аш жоп лур ду царна: „Везачу Элаца бинчу бертан тІорказна хьалха Йордан-хи декъадалар дагахьлатторхьама Іалашдо. ТІорказ дехьадоккхучу хенахь Йордан-хи, декъа а делла, сецира. ТІейогІу йолчу хенахь исраилхошна и хІума дагахь латтор ду цу тІулгаша“». Цу дийнахь Везачу Эло дерриг а Исраилан халкъана хьалха ЮшаІан сий хьалаайира. Цул тІаьхьа, Муса санна, ЮшаІ лерира халкъо, цуьнан дахаран денош чекхдовллалц. Иштта, Исраил-мехкан дерриге а халкъана хьалха Везачу Эло Сулим вазвира. Паччахьан хуьлу сийлалла делира цунна Везачу Эло, Исраил-мехкан цхьанна а паччахьан ца хиллачу тайпана.
Выбор основного перевода