Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ эцна богІу динан дай, Йордан чуьра хьала а бевлла, декъачу лаьтта тІе бовллушехь, Йорданан хи, ша гуттар а ма-дарра, охьадоладелира, шен бердашна тІехула а долуш. Исраилхой Галгалехь севцна бара. Беттан дейтталгІачу дийнахь Ерихонан аренашкахь сарахь Пасахь даздира цара. Цу хІордаца дара церан малхбузехь долу доза. Массо а агІор иштта доза дара ЯхІудан тайпанах болчу нехан. Уьш бара Йордан-хи дистина догІуш хиллачу дуьххьарлерчу баттахь, хих чекх а бевлла, цу тогІи чохь бехаш хилла болу, массо а нах малхбалехьа а, малхбузехьа а дІалелхийнарш.
Выбор основного перевода