Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Халкъана тІе а гІой, тахана а, кхана а кечде иза, Сан дуьхьа уьш дІакъасто. Нахе шайн бедарш а йиттийта. Лома тІера чу а воьссина, нах базбира Мусас. Цара шайн хІуманаш йиттира. Шаьш Далла лерина а хилийта, цІена а хила, хІунда аьлча Со, шун Веза Дела, цІена ву. Халкъе дІаала: „Шаьш Суна лерина хилийта цІена хила, хІунда аьлча кханалерчу дийнахь аша жижиг дуур ду. Везачу Элана хезна шу доьлхуш: ‘Тхуна жижиг хьан лур ду? Мисарахь тхо дика Іаш дара’, – бохуш, цундела Цо лур ду шуна даа жижиг. Хьала а гІаттий, халкъ даз а дай, ала нахе: „Іуьйре тІекхачале, цІан а лой, дІахІитта, хІунда аьлча Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: ‘Суна лерина йолу хІуманаш, аша схьа а эцна, шуна юкъахь ю, исраилхой. Шайна юкъара уьш дІаяххалц, шу мостагІашна дуьхьал латталур дац’.
Выбор основного перевода