Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара ду исраилхошна юкъахь Йордан-хина малхбузехь болу КанаІан-мохк бекъарх долу дийцар. Мохк боькъуш, цунах царна дакъош дира динан дас ЭлиІазара а, Нунин кІанта ЮшаІа а, исраилхойн тайпанашкахь болчу доьзалийн тхьамданаша а. Латта схьадаьккхинчул тІаьхьа дерриг а Исраилан халкъ Шилунехь схьагулделира. Везачу Элан деза четар дІахІоттийра цара цигахь. ЮшаІа Шилунехь Везачу Элана хьалха кхаж тесира царна. Юха исраилхойн дисинчу хІора тайпанна дІадийкъира цо билгалдаьхна долу лаьттан дакъош.
Выбор основного перевода