Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш бехаш бара Беар-ШабаІ а, Мулада а, Хьацар-ШуІал а гІаланашкахь. Иштта Балхьат а, Іацам а, Тулад а, Бетаал а, Хьорма а, ЦакхелагІ а, Байт-Маркабут а, Хьацар-Сусам а, Байт-Бари а, ШаІрайм а гІаланашкахь а бехира уьш. И гІаланаш церан долахь хилла Дауда паччахьалла даллалц. Церан пхи гІала хилла шайн ярташца: ІайтІам, Іейн, Римун, Тухан, Іашун. Иштта оцу гІаланашна гонах хилла йолу ярташ а БаІалт-гІалина тІекхаччалц церан долахь яра. Иштта яра уьш баха охьахевшина меттигаш а, церан схьабовлар а цу тайпана дара.
Выбор основного перевода