Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эмархоша Данан тайпанан нах лаьмнашка баха ховшийтира. Цара уьш шерачу аренга охьабовла ца буьтура. Эмархоша сацам бира Хьерас-лам тІе баха ховша – Айлонехь а, ШаІалбанахь а. Амма тІаьхьо Юсупан тІаьхье чІагІъелла дІахІоьттича, цара эмархошка а шайна болх бойтура. Цу заманахь исраилхойн паччахь вацара. Ткъа Данан тІаьхьенах берш шайна даха ховша меттиг лоьхуш бара. Исраилан халкъах схьадевлла долу кхидолу тайпанаш, шайн-шайн латтанаш а долуш, охьахевшинера, ткъа Данан тІаьхьенах берш шайна билгалдаьккхина латта доцуш бара. Данхоша иштта схьадаьккхира Микас шена мел динарг. Цуьнан динан да а шайца дІавигира цара. Уьш, Лаиш-гІала дІа а бахана, цигахь маьрша бехаш Іаш болчу нахана тІелетира. Адам шайн таррашца цистира цара, ткъа гІала цІарца ягийра. Царна орцахвала стаг вацара, хІунда аьлча ЦІадан-гІала царна генахь яра, кхиболчаьрца цара юкъаметтиг а ца лелайора. Лаиш-гІала Байт-Рахьубана уллохь йолчу тогІи чохь лаьтташ яра. Йохийна гІала лаьттинчу меттехь данхоша керла гІала а йиллина, уьш цигахь баха хевшира. Цара цунна, Дан-гІала аьлла, керла цІе а тиллира. И цІе шайн дайх хилла волчу Исраилан кІентан Данан цІе бахьана долуш тиллина хилла цара. Ткъа цу гІалин хьалхалера цІе Лаиш хилла. Данхоша шайн гІалахь дато цІу дІахІиттийна хилла. Шайн динан да вина дІахІоттийна хилла цара Мусан кІентан ГІиршаман кІант ЯхІуната. ЯхІуната а, цуьнан кІентий а Исраилан махкахь динан дай хилла лаьттина, цигара дерриг а Исраилан къам, йийсаре а лаьцна, дІадиггалц. Данан тайпа Микас бинчу цІунна корта бетташ лелла, Делан цІа Шилунехь мел лаьтта.
Выбор основного перевода