Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цунна тІехь толам а баьккхина, Арнона тІера Ябокх-хина тІекхаччалц Сихьонан латта схьадаьккхира исраилхоша. Уьш Іамминхойн дозанехь севцира, хІунда аьлча шайн доза чІогІа лардора Іамминхоша. Цул тІаьхьа исраилхой Башан-махка бахара. ЭдреІи-гІалина уллохь, шен дерриг а эскар а далош, исраилхошна тІамца дуьхьалвелира Башан-мехкан паччахь ІовгІа. Цо цаьрга элира: «Нагахь санна гадахой а, раабанхой а – царах тІамана кийча волу хІорра а – Везачу Элана хьалха шуьца Йордан-хил дехьа а бовлахь, шуна хьалха цара и мохк шайн кара а берзабахь, тІаккха дІало аша ГалІад-мохк церан дола. Мусас дІаелира гадахошна а, раабанхошна а, Юсупан кІентан Маннашан ахтайпанна а эмархойн паччахь хилла волчу Сихьонан пачхьалкх а, Башанан паччахь хилла волчу ІовгІин пачхьалкх а – берриге а и мохк а, цунна тІехь йолу гІаланаш а, гІаланашна гонах долу латтанаш а. (Башан-мехкан паччахь волу ІовгІа репахойх тІаьххьара висинарг вара. Цуьнан аьчка маьнга хІинца а Іамминхойн кІенташкахь бу Рабба-гІалахь. Иза бохалла исс дол, ткъа шоралла диъ дол бара, юкъахь лелаш болчу барамашца иза буьстича.) «ХІара латта вай схьалаьцначу хенахь, Арнон-хина йистерачу ІаруІер-гІалара дуьйна долу латта а, ГалІад-лаьмнийн ах а, цуьнан ерриге а гІаланашца цхьаьна ас Гадин а, Раабанан а тайпанашна дІаелира. Раабанан а, Гадин а тІаьхьенаша а, Маннашан ах тІаьхьено а Йорданал дехьа, малхбалехьа, шайн лаьттан дакъош Везачу Элан ялхо волчу Мусагара хьалха схьаэцнера.
Выбор основного перевода