Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эмархойн паччахьна Сихьонна тІе нах бахийтира исраилхоша дехар эцна: «Пурба лохьа тхуна хьайн махкахула чекхдовла. Новкъахула гІур дара тхо, ялтина а, кемсийн аренашна тІе а ца довлуш, гІунаш чуьра хи а ца молуш. Хьан махках дехьадовллалц паччахьан новкъахула бен гІур дацара тхо». Амма Сихьона пурба ца делира исраилхошна шен махкахула дІабаха. Дерриге а шен эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалвелира иза яьссачу ара. ЯхІац цІе йолчу гІали уллохь исраилхошца тІаме велира Сихьон. Цунна тІехь толам а баьккхина, Арнона тІера Ябокх-хина тІекхаччалц Сихьонан латта схьадаьккхира исраилхоша. Уьш Іамминхойн дозанехь севцира, хІунда аьлча шайн доза чІогІа лардора Іамминхоша. Эмархойн ерриге а гІаланаш схьа а яьхна, царна чохь баха хевшира исраилхой. Хьешбон-гІала а, цунах йозуш йолу кегийра гІаланаш а ехира цара схьа. Хьешбон эмархойн паччахьан Сихьонан гІала яра. Муабахойн хьалха хиллачу паччахьца тІом а бина, Арнонна тІекхаччалц цуьнгара мохк схьабаьккхинера Сихьона. ТІаккха Сихьон-паччахь шен мел долчу эскарца вайна дуьхьалгІаьттира ЯхІац-гІалина уллохь хиллачу тасадаларехь. Вайн Везачу Дала иза вайн кара схьавелира. Вай иза а, цуьнан кІентий а, цуьнан мел долу халкъ а хІаллакдира. Арнон-хин тогІин йистера йолчу ІаруІер-гІалара ГалІад-гІала дІакхаччалц йолу цхьа а гІала ца йисира вайга схьа ца яккхалуш. И дерриг а вайн кара схьаделира вайн Везачу Дала. Вай и гІаланаш хІаллакйира, ваьш Хьешбонера паччахьан Сихьонан гІаланаш хІаллак ма-ярра. ХІора гІала, Далла дІа а къастийна, кхоччуш дакъазаяьккхира, божарий а, зударий а, бераш а хІаллак а деш. Ткъа Раабанан а, Гадин а тайпанашна ГалІад-махка тІера Арнон-хина тІекхаччалц долу латта дІаделира ас. Церан къилбера доза Арнон-хина юккъехь дара, ткъа церан латта Іамминхойн дозанехь долчу Ябокх-хина тІекхаччалц дІасадаьржира.
Выбор основного перевода