Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа исраилхой Башан-махка бахара. ЭдреІи-гІалина уллохь, шен дерриг а эскар а далош, исраилхошна тІамца дуьхьалвелира Башан-мехкан паччахь ІовгІа. Везачу Эло Мусага элира: «Ма кхера цунах, Ас иза а, цуьнан халкъ а, берриг а цуьнан мохк а хьан кара дІалур бу. Хьешбонехь Іийначу эмархойн паччахьна Сихьонна диннарг де цунна». Цхьа а дийна ца вуьтуш, паччахь ІовгІа а, цуьнан кІентий а, дерриг цуьнан халкъ а хІаллак а дина, Башан-мохк схьабаьккхира исраилхоша. Хьешбон-гІалахь олалла деш хиллачу эмархойн паччахьна Сихьонна тІехь а, Іаштарат-гІалахь а, ЭдреІи-гІалахь а олалла деш хилла волу Башан-мехкан паччахьна ІовгІина тІехь а Мусас толам баьккхинчул тІаьхьа дара иза. (Башан-мехкан паччахь волу ІовгІа репахойх тІаьххьара висинарг вара. Цуьнан аьчка маьнга хІинца а Іамминхойн кІенташкахь бу Рабба-гІалахь. Иза бохалла исс дол, ткъа шоралла диъ дол бара, юкъахь лелаш болчу барамашца иза буьстича.) Иштта тхуна хезна Йордан-хил дехьарчу, малхбалерчу агІонера эмархойн шина паччахьна – Хьешбон-гІалин паччахьна Сихьонна а, Іаштаратехь Іаш хилла волчу Башанан паччахьна ІовгІина а динчух лаьцна а. Башан-махкахь йолчу Іаштаратехь а, ЭдреІехь а паччахьалла динчу ІовгІин дерриг латта а дІаделлера царна. Мусас хІаллакбинчу а, лаьхкинчу а репахойн тІаьххьара виснарг вара иза.
Выбор основного перевода