Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цигара дІабахча, яьссачу арахь долчу, эмархойн лаьтта тІе долучу Арнон-хина уллохь севцира уьш. И хи Муаби а, эмархойн а мехкашна юккъехь доза хилла догІуш дара. Цунна тІехь толам а баьккхина, Арнона тІера Ябокх-хина тІекхаччалц Сихьонан латта схьадаьккхира исраилхоша. Уьш Іамминхойн дозанехь севцира, хІунда аьлча шайн доза чІогІа лардора Іамминхоша. Оцу хенахь эмархойн шинна а паччахьан карара Йордан-хин малхбалехьарчу Арнон-хина тІера Хьермон-ломана тІекхаччалц долу хІара латта схьадаьккхира вай. (ЦІаданхоша Хьермонах Сириюн олу, ткъа эмархоша Санир олу.)
Выбор основного перевода