Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иисус Навин
Параллельные места
Ма кхера царах, хІунда аьлча шуна юкъахь волу шун Веза Дела – сийлахь а, ларамах бузуьйтуш волу а Дела ву. ЧІагІлолаш, доьналла долуш хилалаш, царах кхера а ма лолаш, Іада а ма делаш, хІунда аьлча шун Веза Эла Ша хьалхавер ву шуна. Иза шух дІавоьрзур а вац, Цо шу дІатосур а дац». ЮшаІ берриге а исраилхошна хьалха шена тІе а кхайкхийна, Муса цуьнга иштта вистхилира: «ЧІагІ а ло, доьналла долуш а хила, хІунда аьлча оцу халкъан Везачу Эло церан дайшна лур ду аьлла чІагІо йинчу лаьтта тІе хьо хьалха вер ву, ткъа ахь оцу халкъе и латта шен дола доккхуьйтур ду. Веза Эла Ша гІур ву хьуна хьалхаваьлла, Иза шуьца хир ву. Иза хьох дІавоьрзур а вац, Цо хьо дІатосур а вац. Кхера а ма ло, дог а ма доха». Везачу Эло, Нунин кІант ЮшаІ куьйгалхо санна къобал а веш, цуьнга иштта элира: «ЧІагІ а ло, доьналла долуш а латта, хІунда аьлча Ас цаьрга чІагІо йинчу лаьтта тІе ахь буьгур бу уьш. Со хьоьца хир ву». Хьан омранна дуьхьало йинарг, ахь тІедиллинчу хІуманна тІехь хьоьга ла ца доьгІнарг муьлхха а вуьйр ву. Амма чІогІа а, къонахалла йолуш а хила!» Кхера ма кхера царах: Со массо а хенахь хьоьца хир ву, хьо кІелхьарваккхархьама». Иштта боху Везачу Эло.
Иисус Навин
Выбор основного перевода