Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иисус Навин
Параллельные места
Со хьоьца ву, Ас Іалашвийр ву хьо, миччанхьа вахача а. ХІокху лаьтта тІе хьо юха схьа а валийна, Айса хьоьга аьлларг кхочушдаллалц, Ас хьо дІатесна вуьтур вац». Дала элира: «Со хьоьца хир ву. Ас хьо вахийтина хиларан хІара билгало хир ю: Мисарара ахь халкъ арадаьккхича, кху лам тІехь Суна Іамал йийр ю аша, Сан леш а хилла». ЮшаІе весет а де, иза иракара а хІоттаве, чІагІ а ве, хІунда аьлча ЮшаІа халкъ Йордан-хих дехьа а доккхур ду, хьуна гун долу латта цо цаьрга шайн дола а доккхуьйтур ду“. Церан паччахьаш а лур бу шун кара. Аша церан цІераш стигал кІелара а дІайойур ю. Цхьа а шуна дуьхьал латталур вац, аша уьш хІаллакбина бовллалц. ЧІагІлолаш, доьналла долуш хилалаш, царах кхера а ма лолаш, Іада а ма делаш, хІунда аьлча шун Веза Эла Ша хьалхавер ву шуна. Иза шух дІавоьрзур а вац, Цо шу дІатосур а дац». ЮшаІ берриге а исраилхошна хьалха шена тІе а кхайкхийна, Муса цуьнга иштта вистхилира: «ЧІагІ а ло, доьналла долуш а хила, хІунда аьлча оцу халкъан Везачу Эло церан дайшна лур ду аьлла чІагІо йинчу лаьтта тІе хьо хьалха вер ву, ткъа ахь оцу халкъе и латта шен дола доккхуьйтур ду. Веза Эла Ша гІур ву хьуна хьалхаваьлла, Иза шуьца хир ву. Иза хьох дІавоьрзур а вац, Цо хьо дІатосур а вац. Кхера а ма ло, дог а ма доха». Мусага ма-доггІара, хьоьга а ладугІур ду оха, ткъа хьан Веза Дела, Мусаца санна, хуьлийла хьоьца! Хьан омранна дуьхьало йинарг, ахь тІедиллинчу хІуманна тІехь хьоьга ла ца доьгІнарг муьлхха а вуьйр ву. Амма чІогІа а, къонахалла йолуш а хила!» ТІаккха Везачу Эло ЮшаІе элира: «Таханлерчу дийнахь дуьйна исраилхошна хьалха хьо вазван волалур ву Со, Мусаца санна, хьоьца а Со вуйла царна хаийта. Веза Эла ЮшаІаца вара. Берриг а махкахула гІараваьллера ЮшаІ. Ахчанна тІаьхьадовлий ма лела, шайн долчух тоам бе. Дала Ша ма-аьлла: «Ас цкъа а вуьтур вац хьо, хьох къаьстар а вац Со».
Иисус Навин
Выбор основного перевода