Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иисус Навин
Параллельные места
Мусас цаьрга элира: «Нагахь шу иштта лелахь – тІаме дахархьама, Везачу Элана хьалха аша шайн кара герз схьа а эцахь, нагахь герз карахь долу шух хІорра а, Везачу Эло Шен мостагІий дІалахккалц, Цунна хьалха Йордан-хил дехьа а валахь, нагахь шу, Везачу Элана хьалха и мохк кара а берзийна, кхуза юхадерзахь, Везачу Элана гергахь а, Исраилан халкъана хьалха а шу бехке хир дац, ткъа хІара латта Везачу Элана гергахь шун долахь хир ду. Амма хаа ду шуна, аша иза ца дахь, Везачу Элана дуьхьал аша къа латор ду. Хаа ду шуна, аша латийначу къинна шуна таІзар дийр ду! Шайн зударшна а, берашна а гІаланаш а хІиттае, шайн жашна гІотанаш а кечъе, амма шаьш дийр ду аьлларг кхочушде». Гадахоша а, раабанхоша а Мусага элира: «Хьан ялхоша кхочушдийр ду олахочо шайна тІедиллинарг. Тхан бераш а, зударий а, жаш а, хьайбанаш а ГалІад-махкарчу кху гІаланашкахь дуьсур ду. Ткъа тІаме ваха кара герз схьаэцна волу хьан массо ялхо а, шен олахочо ма-бохху, тІом бархьама Везачу Элана хьалха Йордан-хил дехьавер ву». Мусас дІахьедар дира динан дега ЭлиІазаре а, Нунин кІанте ЮшаІе а, исраилхойн тайпанийн куьйгалхошка а. Оцу хенахь ас шуьга иштта омра дира: „Шун Везачу Дала хІара латта шуна дІаделла шун дола даккхийта. Ткъа хІинца тІом балуш мел верг, герз схьа а эций, шайн вежарий болчу исраилхошна хьалха а валий, Йордан-хина дехьавала. Ткъа шайн зударий а, шайн бераш а, шайн бежанаш а, – суна хаьа уьш шун дукха дуйла, – ас шайна дІаеллачу гІаланашкахь дита, Везачу Эло, шуна санна, оцу шун вежаршна паргІато яллалц а, шун Везачу Дала царна луш долу Йордан-хина дехьа долу латта цара шайн дола даккхалц а. Цул тІаьхьа шух хІора а ас шайна деллачу лаьтта юхаверза“, – аьлла.
Иисус Навин
Выбор основного перевода