Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иисус Навин
Параллельные места
Везачу Эло, шуна санна, оцу шун вежаршна паргІато яллалц а, шун Везачу Дала царна луш долу Йордан-хина дехьа долу латта цара шайн дола даккхалц а. Цул тІаьхьа шух хІора а ас шайна деллачу лаьтта юхаверза“, – аьлла. Раабанан а, Гадин а тайпанашший, Маннашан ах тайпий тІе а кхайкхина, ЮшаІа элира цаьрга: «Везачу Элан ялхочо Мусас тІедиллинарг дерриг а кхочуш а дина аша, ас омра динчул тІаьхьа массо а даше ла а доьгІна. ХІара де тІекхаччалц, дуккха а хенахь шайн вежарий дІатесна ца битира аша, Везачу Эло, шун Дала, тІедиллинарг кхочуш а дира. ХІинца Везачу Эло, шун Дала, синтем белла шун вежаршна, Ша цаьрга ма-аллара. ХІинца, Везачу Элан ялхочо Мусас Йорданал дехьа шайна деллачу латтанаш тІе дІа а гІой, шайн четарш чу юхадерза.
Иисус Навин
Выбор основного перевода