Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сайн ницкъ царна тІе а берзийна, къилбехьа йолчу яьссачу аренна тІера дуьйна къилбаседехь йолчу Дабила-гІалина тІекхаччалц Ас дассийна дІахІоттор ду уьш бехаш болу дерриг а латта. ТІаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла». «Адаман кІант! Муьлххачу а, Суна тешаме а ца хуьлуш, Суна дуьхьал къинош летийначу къомана тІе Соьга Сайн куьг дерзалур дара. Ас церан махкахь болу кхача кхоччуш чекхбоккхуьйтур бара, царна тІе мацалла а хьажор яра, Ас цу махкара адамаш а, хьайбанаш а хІаллакдийр дара.
Выбор основного перевода