Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьа Мисар-махкара кемсийн таьлланг схьаеара, халкъаш дІа а лаьхкина, и таьлланг дІаюьйгІира Ахьа. Сайн Хьомсарчунна илли эр ду аса, Хьомсарчун кемсийн бешах долу илли. Сан Хьомсарчун кемсийн беш яра хьийкъинчу лам тІехь. Бешара латта а аьхкина, тІулгаш дІа а даьхна, тоьлла йолу кемсийн таьллангаш юьйгІира Цо цига. Цул тІаьхьа беша юккъехь бІов а йира, муттдоккхург ян цунна чохь ор а даьккхира. Бешо дика кемсаш яларе хьоьжуш Іийра Иза, амма цо муьста кемсаш бен ца елира. Ткъа хІинца оцу кемсийн бешан Олахочо боху: «Ярушалайман бахархой а, ЯхІуд-мехкан адамаш а, Суна а, Сан кемсийн бешана а юкъахь долу гІуллакх къастадейша. Айса динчул сов Аса Сайн кемсийн бешана дан дисинарг кхин хІун дара? Со дикачу кемсашка сатуьйсуш Іаш хилча, муьста кемсаш хІунда елла цо? Аса эр ду шуьга Сайн кемсийн бешана Айса ден дерг: цуьнан коканийн керт дІайоккхур ю Аса, тІаккха беш бежанаша яссор ю. Цуьнан пенаш дохор ду аса, тІаккха иза массара а хьоьшур ю. Бешах дассийна латта дийр ду Аса, гаьннаш а хедор дац, охкур а яц, тІаккха цу тІехь коканан а, эртхан а коьллаш евр ю. Мархашна омра дийр ду Аса, беша тІе догІа ма даийта аьлла». Берриге а ницкъийн Везачу Элан кемсийн беш – иза Исраилан халкъ ду, ЯхІудан халкъан адамаш Цунна хазахетта йолу таьллангаш ю. Иза нийсо хиларе хьийжира, амма ницкъ бар хилира, бакъдолчуьнга хьийжира, амма бакъонаш йохор хилира. Аса-Айса хьо юьйгІира, тоьлла таьлланг санна, ма тешаме кемсийн хІу дара хьо! Муха хилла хьох вон хьожа йогІу акха а, хийра а кемсийн таьлланг? Исраилан халкъ токхе таьлланг санна дара, рогІ-рогІехь стом луш долу. Шен стоьмаш а, ялта а алсамдаларе терра, цІушна сагІа доккху меттигаш а алссам кечйора цо. Шен лаьтто кхиийнарг совдаларе терра, кхечу деланашна хІиттийна тІулгаш а алссам хаздора цо.
Выбор основного перевода