Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Іеса нах хир бу, дІакхуссуш долу кІохцалш санна, цхьаммо а куьйгаца схьаоьцуш доцу. Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Хьуьнхара кхидолчу диттийн гаьннаш санна, кемсийн таьлланг адамаша цІерга кхуьйсуш ма-хиллара, изза дийр ду Аса Ярушалайман бахархошца. Хьан нана хийистехь дІайоьгІна кемсийн таьлланг санна яра. Цо дуккха а стоьмаш а, таьллангаш а делира, шена уллохь шортта хи хиларна. Цуьнан гаьннаш чІогІа дара, царах паччахьашна Іасанаш йора. Иза ша леккха хьалаяьллера кхечу гаьннашна юкъахь. Дуькъачу гаьннашна юкъахь иза геннара гуш яра лекха йолу дела. Амма, оьгІазаллехь лаьттара хьала а даьккхина, и таьлланг лаьтта охьакхоьссира. Малхбалехьара схьахьаькхначу мохо цуьнан стом бакъийра. Цуьнан онда га дакъаделира, ткъа цІеро иза дІа а кхаьллира. Ткъа хІинца иза яьссачу аренгахь дІайийна, хих хьоьгуш долчу декъачу лаьттахь. Цуьнан гаьннашна юккъера араяьллачу цІеро багийна цуьнан стоьмаш. Цуьнан шех паччахьан Іаса ян мегаш долу онда га кхин ца дисина“. ХІара тийжам бу, тийжам санна лелош а бу». Милла а Соьца воцург кхоьссина дІа а вохуьйту, и га санна, иза вакъа а ло. ТІаккха и гаьннаш, гулдина, цІерга кхуьссу. Уьш цІергахь догу.
Выбор основного перевода