Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
ХІунда аьлча вай адаман дилхана а, цІийна а дуьхьал беш бац тІом, амма стигалшкахь болчу хьаькамашна а, олалла дечарна а, кху боданечу дуьненан куьйгалхошна а, харцжинашна а дуьхьал беш бу. Цундела Делан нуьцкъалчу куьйга кІел дуьйла, Цо Шен хенахь ойур ду шу. Берриг а шайн гІайгІанаш Цунна тІе яхка, Иза шун бала болуш ву! Собаре а, сема а хила! Шун мостагІа, иблис, ду, гІигІ ден лом санна, цхьаъ дІакхалла гІерташ даьлла лелаш. Цунна дуьхьало е, Делах шайн тешар чІагІде. Хаалаш, дерриг а дуьнен чохь шун вежарий, шу санна, баланаш ловш бу.
Выбор основного перевода