Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Къа ду шун наха шух лаьцна диканиг олуш хилча, хІунда аьлча иштта харцпайхамарш церан дайша а хестийна». Шу кху дуьненара делахьара, цу дуьненна шу, шайнаш санна, дезар дара. Амма шу кху дуьненан долахь дац. Ас шу дуьненна юккъера схьахаьржина долу дела, ца деза шу дуьненна. И хІунда ду иштта? Нагахь санна адамо шен синан лаамех дог дузахь, иза Делан мостагІа хуьлу. Делан хьехамийн Іедална муьтІахь ца хуьлу иза, мелхо а, царна муьтІахь ца хилало иза. Да волчу Далла хьалха цІена а, бехдалаза а суьпалла иштта ду: байшна а, бисина Іачу зударшна а гІо дар а, дуьнен чохь долчу вочуьнга ша бех ца вайтар а.
Выбор основного перевода