Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Веза Эла, дагадаийтахьа Хьайна сан дахар цкъа садаккхал бен доцийла, сан бІаьргашна кхин цкъа а самукъане дерг гур доцийла. Веза Эла, алахьа соьга, сан кхалхар маца хир ду а, сан дахаран денош мел дисна а. Мел ду те уьш, Ахь суна дуьнен чохь яккха елла хан мел ю хаархьама. Ахь суна делла денош цхьайолу шенаш санна бен дац. Сан оьмар Хьуна гергахь хІумма а йоцург ю. Билггал, хІора стеган дахар хІо санна бен дац-кх. Бехк адамах баккхарца, летийначу къиношна Ахьа цунна таІзар до, цунна дезаш мел дерг, нецо санна, Ахь кхаьллина дІадоккху. Билггал, хІора стаг хІо санна бен вац-кх!
Выбор основного перевода