Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дІа а тосур вац Ас. Ас тІедуьллу хьуна: чІогІа а, къонахалла йолуш а хила, кхера а ма кхера, воха а ма воха. Хьо миччанхьа вахча а, хьоьца хьан Веза Дела ву». Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чІагІ а дийр ду, хьуна гІо а дийр ду. Со хьуна гІортор хилла дІахІуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца. Ма кхера – Со хьоьца ву! Малхбалера хьан тайпанаш схьадалор ду Ас, малхбузера шу схьагулдийр ду. Кхера ма кхера царах: Со массо а хенахь хьоьца хир ву, хьо кІелхьарваккхархьама». Иштта боху Везачу Эло. Иза Аса Сайна лаьттахь дІаюьйр ю, „Къинхетам ца биначух“ къинхетам бийр бу Аса. „Сайн доцучу халкъе“ Аса эр ду: „Хьо Сан халкъ ду“. Ткъа цо: „Хьо сан Дела ву!“ – эр ду». Аса шайна тІедиллинарг дерриг а лардар а хьоьхуш. Ткъа Со массо а хенахь шуьца хир ву, дуьненан чаккхе тІекхаччалц». Кхин а уьстагІий ду Сан. Уьш кху кертара дац. И уьстагІий а ду Ас Сайн керта дало дезаш. Цара а ладугІур ду Сан озе, тІаккха царах цхьа жа а хир ду, церан цхьа Іу а хир ву. Буьйсанна ПахІална хьалха хІоьттинчу Везачу Эло элира: «ЧІагІлолахь, ПахІал. Айхьа Ярушалаймехь Сох тоьшалла ма-дарра, Римехь а иза дан дезар ду хьан». Сайн дегІан эгІазаллица а, кхерамца а, чІогІа вегаварца а Іийра со шу долчохь.
Выбор основного перевода