Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цигахь, мурдаш дегнашца чІагІбеш, шайн тешарехь чІогІа хила бохуш, Іамабора цара. «Вай лан езаш дукха халонаш ю Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хилале», – бохура цара. ЯхІуд а, Сали а ши пайхамар вара. Шайн дешнашца динан вежарийн дегнаш чІагІдеш, иракарахІиттош бара уьш. Сири-махка а, Килик-махка а вахара иза. Цигахь цо Іийсах тешачийн тобанаш чІагІйора. Делан Сино бакъо ца елира ПахІалгІарна Асиа-махкахь хьеха, цундела церан некъ Пхьарга-махкахула а, Галата-махкахула а бара.
Выбор основного перевода