Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И хІума хиллачул тІаьхьа Македонехула а, Ахаехула а Ярушалайме ваха сацам бира ПахІала. Цо элира: «Цигахь хилча, со Рим ган а декхарийлахь ву», – аьлла. Ша сиха хиларна, Асиа-махкахь кхин хан а ца йойуш, Эпас-гІалина чу а ца воьрзуш, тІехвала сацам хилира ПахІалан. Цунна лаьара, аьтто балахь, жуьгтийн ШавуІот цІе йолу ялта чудерзоран деза де тІекхачале Ярушалайме кхача. Сайн доІанашкахь даим доьху аса Деле Шен лаамца шу долчу кхача сан аьтто бар, «Везачу Элана лаа а лиъна, вай дийна дисахь, хІара я кхин дийр ду вай», – аларан метта, Везачу Элах тешам бу сан: со а кестта шу долчу дІавогІур ву. Вай иза дийр ду, Дала вайна магийтахь.
Выбор основного перевода