Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен стундега Мусас элира: «Суна тІе нах богІу, соьгахула Делан лаам хаа. «Исраилхошна тІедилла чкъураца дІа ца йоьрзу цамгар ерш а, дегІах тІуналла схьаяьлларш а, веллачух хьакхабаларна Далла гергахь бехбелларш а берриге а шайна юкъара дІалахкар. Адаман докъах хьакхавелларг ворхІ дийнахь Далла хьалха цІена хир вац. КхозлагІчу а, ворхІалгІачу а деношкахь цІандаран хица тІехьарсийта деза цо. ТІаккха иза Далла хьалха цІена хир ву. Ткъа ша кхозлагІчу а, ворхІалгІачу а дийнахь цІан ца вайтинарг цІена хир вац.
Выбор основного перевода