Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан четарна тІера и марха хьалаяьккхича, новкъа бовлура исраилхой. Марха Делан четарна тІехула мел лаьтта, цара шайн меттамотт дІа ца боккхура. Дийнахь Везачу Элан марха четарна тІехула лаьттара, ткъа буьйсанна цунна юкъахь йогуш цІе хуьлура. Иштта хуьлура исраилхошна хьалха массо а церан некъашкахь. Исраилхой Мисар-махкара Дала арабаьхначу шолгІачу шеран, шолгІачу беттан ткъолгІачу дийнахь тоьшаллин четарна тІера марха хьалаайаелира. Синай цІе йолчу яьссачу арара дІабахара исраилхой. ДІайоьдуш йолу марха Паран олучу яьссачу арахь сецира.
Выбор основного перевода