Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кху беттан дейтталгІа де тІекхаччалц иза Іалашбан беза. Цу дийнахь, суьйренан бода тІебеача, массо а доьзалехь кечбина болу Іахар бен беза. Цу буссехь цІера тІехь деттина Іахаран жижиг дІадаа деза аш. Иза къаьхьачу бецашца а, совсазчу баьпкаца а даа деза. Берриге а Исраил-мехкан а, ЯхІуд-мехкан а меттигашка геланчаш бахийтира Хьузакх-ЯхІус. Иштта Эпрайм-махка а, Маннаш-махка а кехаташ яздира цо, дерриг а цигара халкъ Ярушалаймехь лаьтташ долу Везачу Элан цІа долчу даладе аьлла, Исраилан халкъан Везачу Далла лерина Пасахьан дезде даздархьама. Паччахьо а, цуьнан баьччанаша а, Ярушалаймерчу берриге а гуламо а кхеташонехь сацам бира, шеран шолгІачу баттахь Везачу Элана лерина долу Пасахь олу дезде даздийр ду аьлла. И гІуллакх цул хьалха билгалъяьккхинчу хенахь кхочушдар ца нисделлера церан, Далла гергахь цІанбеллачу динан дайн барам кхоччуш ца хилла дела а, халкъ Ярушалайме схьагулделла ца даьлла дела а. ТІаккха шолгІачу беттан дейтталгІачу дийнахь Пасахьан Іахарна урс хьаькхира цара. Динан дайша а, левихоша а, эхь а хетта, цІан а белла, Везачу Элан цІийнан керта дагоран сагІа даккха дийнаташ далийра.
Выбор основного перевода