Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла царна хьалхаваьлла воьдуш вара. Царна некъ гойтуш, дийнахь марханех хиллачу бІогІамна юкъахь вогІура иза, буьйсанна – цІеран бІогІамна юкъахь, царна серло а луш, уьш дийнахь а, буса а дІабахийта. Мисар-махкара исраилхой арабевллачу шолгІачу шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь дІахІоттийна Везачу Элан четар. Делан четарна гонах марха хІоьттира, ткъа цу гуламан четаран чоь Везачу Элан олаллин нуьро юьзира. Дийнахь Везачу Элан марха четарна тІехула лаьттара, ткъа буьйсанна цунна юкъахь йогуш цІе хуьлура. Иштта хуьлура исраилхошна хьалха массо а церан некъашкахь. Дийнахь мархин бІогІамца Ахь уьш балабора, буьйсанна уьш цІеран бІогІамца буьгура, уьш дІабаха беза некъ серлабаккхархьама. шайна дашо эса а дина, цара: „ХІара ву тхо Мисар-махкара арадаьхна волу Дела!“ аьлча а, цара чІогІа Іеса къамел дича а. Тхайн берех иза къайла а доккхур дац. Хинйолчу тІаьхьене оха дІадуьйцур ду Везачу Элан сийлахь гІуллакхех лаьцна, Цуьнан ницкъах а, Цо динчу тамашийначу хІуманех а лаьцна.
Выбор основного перевода