27
Нагахь зуда, ша бех а еш, шен майрачунна ямарта хиллехь, и хи мелча, неІалт тІедоуьйтучу цу хино, чу а дахана, цуьнга доккха Іазап хьоьгуьйтур ду. Цуьнан кийра а бестар бу, цуьнан гІогІаш а телхар ду. Цуьнан халкъ, цунна неІалт а кхайкхош, цунах дІадоьрзур ду.