Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен бехк хиларна цу стага Везачу Элана лерина гІуда такхаран сагІа даккха деза. Динан да волчу цхьа а сакхт доцу а, богІучу мехах болу а ка бало беза цо. Иштта Везачу Элана хьалха динан дас цу стага латийна къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала цуьнгара девллачу дерриге а къиношна гечдийр ду цунна». Къинах долчу сагІанах а, гІуда такхаран сагІанах а лаьцна тІедиллинарг цхьаъ ду: цу сагІанца стага летийна къинош дІадохуш волчу динан дена дІалуш ду иза.
Выбор основного перевода