Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Динан да дегІа тІехь долчу доІе хьожур ву. ДоІа тІехь долу чоьш кІай а делла, даІ чкъурал кІоргга чудаханехь, иза кхераме чкъуран цамгар ю. Цу стаге хьаьжначул тІаьхьа динан дас иза Далла хьалха боьха хилар дІахоуьйтур ду. Кхераме чкъуран цамгар йолу стаг, тІера бедарш этІийна а йолуш, коьртара месаш низамехь а йоцуш, хила веза. Бета тІе кхаччалц, коьртан лахе хьулйина хила еза цуьнан „ЦІена вац! ЦІена вац!“ – бохуш, мохь бетта беза цо. Ерриг а хенахь, цунна тІехь цамгар мел ю, иза цІена вац. Иза дІакъаьстина Іан веза». «ДІаала исраилхошка: „Нагахь стеган бехкечу меттера схьакъаьсташ тІуналла хилахь, и тІуналла цІена яц. Къола ма де, аьшпаш а ма битта, вовшийн ле а ма де. Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала динан дайшка, АхІаронан кІенташка: „Шайн халкъана юкъара веллачух куьг а тохий, шаьш Далла хьалха бех ма де. Четарна тІехула марха хьалаайаелча, Мареман дегІ ло санна кІайделира, цунна юха ца йоьрзу чкъуран цамгар кхийтира! АхІарон, юха а вирзина, Мареме дІахьаьжча, цунна гира Маремана кхераме йолу чкъуран цамгар кхеттийла! Везачу Эло Мусага элира: «Нагахь санна цуьнан дас цунна юьхь-дуьхьал туй тоьхча, ворхІ дийнахь юьхьІаьржачу хІоьттина Іан ца дезара цуьнан? ХІинца ворхІ денна меттаматтана арахьа яккха иза, цул тІаьхьа иза юхаерзо мегар ду». Адаман докъах хьакхавелларг ворхІ дийнахь Далла хьалха цІена хир вац. Докъах хьакха а велла, цІано яран Іадат кхочуш а ца деш, Везачу Элан четарна юххе ваханчу муьлххачо а иза бехдийр ду. Цу тайпана волу стаг Исраилан халкъана юкъара дІаэккхо веза. ЦІандаран хин цинцаш оцу стагана тІе ца тоьхна дела, иза Далла хьалха цІена хир вац, цуьнан цІена цахилар цунна тІехь дуьсур ду. Цул тІаьхьа Хьагайс иштта хаьттира: «Нагахь санна оцу хІуманех, докъах куьг тоьхна Далла хьалха бехвелларг дІахьакхалахь, уьш бехъелла хир юй те?» Динан дайша жоп делира: «Бехъелла хир ю», – аьлла.
Выбор основного перевода