Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нахе Суна цІа дайта, тІаккха Со царна юкъахь Іийр ву. Исраилхошна юкъахь Іийр ву Со, церан Дела а хир ву Со. Сайн Іаш йолу меттиг шуна юкъахь дІахІоттор ю Ас, шух дІавоьрзур вац Со. Шуна юкъахь лелаш, шун Дела хир ву Со, ткъа шу Сан халкъ хир ду. ХІун цхьаьнадогІург ду те Делан цІенна а, цІушна а юкъахь? Тхо дийна волчу Делан цІа ма ду! Дала Ша ма-аьлла: «Царна юкъахь вехар ву Со, уьш болчохь лелар ву Со. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду».
Выбор основного перевода