Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Шуна гуттаренна а тІедуьллуш ду хІара хІума: ворхІалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь массо а хІума шайна доьхкуш, марха а кхаба, цхьа а тайпа болх а ма бе. Кхузахь Іаш волчу исраилхочо а, шуна юкъахь тІевеана Іаш волчу стага а ма бе цу хенахь болх, хІунда аьлча цу дийнахь шун къинош дІадохур ду, шу цІандархьама. Иштта шайн массо а къинойх Везачу Элана хьалха цІена хир ду шу. Иза садоІу шоьтан де ду, массо а хІума шайна доьхкуш, марха кхаба цу дийнахь. Иза гуттаренна а тІедиллина ду шуна. Шен ден метта даьттанца къобалвина а, вазвина а волу динан коьрта да шун къинош дІадахаран Іадат кхочушдан дезаш верг ву. Дуткъачу кІадих дина деза духарш тІе а дуьйхина, уггар еза чоь а, гуламан четар а, сагІа доккху кхерч а, динан дай а, халкъан массо а нах а цІанбаран Іадат кхочушдийр ду цо. Иза гуттаренна а шуна тІедиллина хІума хир ду: исраилхойн дерриг а къинош шарахь цкъа дІадахар». Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара, кхочушдира АхІарона дерриг а. Везачу Эло Мусага элира: «ВорхІалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь безачу гуламе нах кхайкха, цу дийнахь къинош дІадахаран де хир ду шун. Массо а хІума шайна доьхкуш, марха а кхабий, Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІа даккха. Цу дийнахь цхьа а тайпа болх ма бе, хІунда аьлча иза къинош дІадахаран де ду, шун Везачу Далла хьалха шуна тІера къинош дІадохуш долу де. Муьлхха а цу дийнахь массо а хІуманна тІера марха ца кхаьбнарг шен халкъана юкъара эккхор ву. Цу дийнахь муьлхха а болх бинарг Ас шен халкъана юкъара хІаллаквийр ву. Цхьа а тайпа болх ма бе. Шун тІаьхьенашна, миччанхьа уьш Іаш белахь а, гуттаренна а тІедуьллуш ду иза. Иза садоІу шоьтан де ду шуна. Цу беттан уьссалгІачу дийнахь сарахь дуьйна, массо а хІума шайна доьхкуш, марха кхаба. УьтталгІачу дийнан суьйре тІекхаччалц ларде шайн садоІу шоьтан де». Уьш цомгуш хилча, ас-м таьІна бедарш юхура. Сайн са а малдора ас марханаш кхабарца. Ас дина доІанаш жоп доцуш дисича, Иштта дуй те Суна лууш долу марха, стага шена ницкъ бен а, маргІало санна, шен корта охьатаІабен а, шена кІел сингаттаман бедарш а, чим а туьйсу де? Цунах олу ахь марха долу а, Везачу Элана дезаш долу а де? ХІара ду Суна лууш долу марха: харцонан гІоьмаш дІаяха, дезачу дуькъан машшаш дІадаста, Іазапехь берш паргІатбаха, муьлхха а дукъ дохаде, мецачуьнца хьайн бепиг декъа, бевлла лела миска нах хьайн цІа чу бига, верзинчунна тІе бедар юха, хьайн гергарчух дІа ма лачкъа.
Выбор основного перевода