Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Шарахь кхузза Суна лерина деза денош хилийта. Совсазчу баьпкан дезде ларде: Ас хьайна тІе-ма-диллара, ворхІ дийнахь совсаза бепиг даа Авив беттан билггалчу хенахь, хІунда аьлча цу хенахь шу Мисарара арадевлла. СагІа даккхаза цхьа а Суна хьалха ма хІотта. Айхьа бинчу белхан дуьххьарлера ялта арара схьаэцаран де а дазде. Иштта, хьайн арара болх дІаберзош, шеран чаккхенехь ялта чудерзоран де а дазде. ХІора шарахь, оцу кхаа дезачу дийнахь, берриг а божарий Хьалдолчу Элана хьалха хІитта беза. «Везачу Элана лерина доккхучу бертан сагІанах лаьцна тІедиллинарг хІара ду. Нагахь цхьаммо сагІа шен нигатца я даггара болчу лаамца доккхуш делахь, сагІин жижиг цу дийннахь даа деза, бухадиснарг шолгІачу дийнахь а даа мегар ду. Нагахь цхьаммо шен нигатца я даггара леларца Везачу Элана лерина бертан сагІина доккха я жима дийнат далийнехь, иза сакхт доцуш хила деза, Дела цунна резахилийта. Дийнаташна тІехь цхьа а сакхт хила йиш яц. ХІорш ду Везачу Элана лерина кхидолу деза денош, шайн-шайн хенашкахь билгалдаьхначу гуламашца“». «Хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнахь, сарахь, Везачу Элана лерина Пасахь хила деза. Ткъа цу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь Везачу Элана лерина долу Совсазчу баьпкан деза денош дуьйладала деза. ВорхІ дийнахь совсаза бепиг даа дезаш ду шу. Цу езачу хенан хьалхарчу дийнахь безачу гуламе нах кхайкха. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. ВорхІ дийнахь Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІанаш даха. ВорхІалгІачу дийнахь а кхайкха нах безачу гуламе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь». Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала исраилхошка: „Ас шайна луш долчу лаьтта тІе шаьш даьхкича, ялта чудерзочу хенахь дуьххьарлера цІов динан дега дІало. Цо и цІов, шатайпа сагІа санна, Везачу Элана хьалха хьалаойур бу, Иза шуна резахилийта. Шоьтан де чекхдаьллачу шолгІачу дийнахь и ялтин цІов Везачу Элана хьалха хьалаойур бу цо. ЦІов хьалаойучу дийнахь цхьа шо кхаьчна, сакхт доцу Іахар а бей, цунах Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагІа даккха. Іахарца цхьаьна кІен сагІа а, чагІаран сагІа а да. КІен сагІина цхьа сахь кІен тоьлла дама схьа а эца, ткъа цу тІе даьтта тоха. ЦІера тІехь даьккхина кІен сагІин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. ЧагІаран сагІина хІин цІе йолчу бараман доьалгІа дакъа чагІар схьаэца. Шайн Далла лерина и сагІанаш дохуш долу де тІекхаччалц, бепиг а, кхерзина я керла буьртигаш а ма даалаш. Шун тІаьхьенашна, миччанхьа шаьш Іаш делахь а, гуттаренна а тІедуьллуш ду иза“». «Везачу Элана хьалха хьалаайа шаьш цІов баьхьначу шоьтан де чекхдаьллачу шолгІачу денна тІера дуьззина ворхІ кІира дагарде. Шовзткъе итт де дІадаьлча, ворхІалгІа шоьтан де чекхдаьллачу шолгІачу дийнахь, Везачу Элана лерина керла кІен сагІа даккха. Шайн хІусамаш тІера Везачу Элана хьалха хьалаайина шатайпа сагІа санна ши бепиг да. Цхьа сахь тоьллачу кІен демах хьакхийначу совсийначу бедах дина хила деза и баьпкаш. Везачу Элана лерина дуьххьарлерчу ялтех долу совгІат хир ду иза. Баьпкашца цхьаьна шо кхаьчна долу, цхьа а сакхт доцу ворхІ Іахар а, даккхийчу хьайбанех цхьа старгІа а, ши ка а балабе. Цу бежанех Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагІа доккхур ду. Цаьрца цхьаьна кІен а, чагІаран а сагІанаш даха дезаш ду. ЦІера тІехь дохуш долчу оцу сагІанийн хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. Къинан сагІина цхьа бож а, бертан сагІина шо кхаьчна ши Іахар а кечбе. Везачу Элана хьалха шатайпа сагІа санна даккха деза динан дас дуьххьарлерчу ялтех дина баьпкаш а, ши Іахар а. Везачу Элана лерина деза сагІа ду иза. И сагІа динан дена дІадала дезаш ду. Безачу гуламе цу дийнахь нах схьакхайкха, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. Шун тІаьхьенашна, миччанхьа уьш Іаш белахь а, гуттаренна а тІедуьллуш ду иза. Шайн лаьтта тІехь ялта хьокхучу хенахь кхан йистошка кхаччалц ма хьакха иза, ткъа охьаэгна кенаш схьа ма лехьаде. Къечарна а, тІебаьхкинчарна а дита уьш. Со шун Веза Дела ву». Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала исраилхошка: „ВорхІалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь садаІа. МаІаш а локхуш, безачу гуламе нах а кхайкха, дагалацаран де а хІоттаде цу дийнахь. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе, Везачу Элана лерина сагІа даккха цу дийнахь“». Везачу Эло Мусага элира: «ВорхІалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь безачу гуламе нах кхайкха, цу дийнахь къинош дІадахаран де хир ду шун. Массо а хІума шайна доьхкуш, марха а кхабий, Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІа даккха. Цу дийнахь цхьа а тайпа болх ма бе, хІунда аьлча иза къинош дІадахаран де ду, шун Везачу Далла хьалха шуна тІера къинош дІадохуш долу де. Муьлхха а цу дийнахь массо а хІуманна тІера марха ца кхаьбнарг шен халкъана юкъара эккхор ву. Цу дийнахь муьлхха а болх бинарг Ас шен халкъана юкъара хІаллаквийр ву. Цхьа а тайпа болх ма бе. Шун тІаьхьенашна, миччанхьа уьш Іаш белахь а, гуттаренна а тІедуьллуш ду иза. Иза садоІу шоьтан де ду шуна. Цу беттан уьссалгІачу дийнахь сарахь дуьйна, массо а хІума шайна доьхкуш, марха кхаба. УьтталгІачу дийнан суьйре тІекхаччалц ларде шайн садоІу шоьтан де». Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала исраилхошка: „Оццу ворхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь дуьйна ворхІ де Везачу Элана лерина хилийта. Адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош де царах. Хьалхарчу дийнахь беза гулам дІахьо, вукху деношкахь санна болу болх ма бе. ВорхІ дийнахь Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІа даккха. БархІалгІачу дийнахь безачу гуламе нах а кхайкха, Везачу Элана цІера тІехь сагІа а даккха. Иза динан гулам бу, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу хенахь. Цара изза дан дезара къастийначу дезачу деношкахь а, керла бутт болалуш долчу дезачу деношкахь а, дезачу шоьтан деношкахь а, хІоразза а Везачу Элана дийнаташ дагоран сагІанаш даьхча а. Яздина билгалдаьккхина ма-хиллара, Везачу Элана хьалха гІуллакх дан дезара левихоша массо а хенахь. Паччахьо шен хьолах цхьадолу дакъа дийнаташ дагоран сагІанаш дахарна дала билгалдаьккхира: Іуьйренан а, суьйренан а дийнаташ дагоран сагІанаш дахарна а, шоьтан деношкахь а, бутт цІинлучу деношкахь а, Везачу Элан товрат-хьехамехь яздина долчу кхечу дезачу деношкахь а сагІанаш дахарна а.
Выбор основного перевода