Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«АхІароне а, цуьнан кІенташка а дІаала: дийнаташ дагоран сагІанах долу тІедуьллург ду хІара. Кхерча тІехь дагош долу дийнаташ буьйсанна сахиллалц цІера тІехь дита деза, кхерчан цІе а, ца йовш, яга езаш ю. Цаьрга иштта дІаала: „ЦІера тІехь аша Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагІа хІара ду: хІора денна бан беза дийнаташ дагоран сагІина лерина шо кхаьчна болу шайна тІехь цхьа а сакхт доцу ши боьрша Іахар. Цхьа Іахар Іуьйранна баго беза, шолгІаниг – суьйранна. ХІора сагІанца кІен сагІина лерина дан деза шех хІинан доьалгІа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина долу бархІ кад тоьлла дама. Иза ду хІора дийнахь доккху дагоран сагІа, Синай-лома тІехь долийна долу. Иза цІера тІехь даьккхина сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. Иштта дийнаташ дагоран сагІа доккхучу хенахь чагІаран сагІа а даккха деза. ХІора Іахарца цхьаьна дан деза хІинан доьалгІа дакъа долу чагІар. Иза Везачу Элана лерина сагІа ду, езачу меттехь дотта деза иза. Шаьш Іуьйранна доккхуш ма-хиллара, суьйранна а даккха деза аша дагоран сагІа, шолгІа Іахар а багош, цуьнца цхьаьна кІен сагІа а, чагІаран сагІа а доккхуш. Иза хир ду Везачу Элана тамехь йолу хьожа йохуьйту цІера тІехь даьккхина сагІа“». «ХІора беттан хьалхарчу дийнахь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагІанаш даха. Иштта дийнаташ дан деза аша: шайна тІехь цхьа а сакхт доцу ши старгІа, цхьа ка, шо кхаьчна болу ворхІ боьрша Іахар. ХІора старгІица цхьаьна кІен сагІина лерина зайтдаьттанах эдина долу цхьа сахь тоьлла кІен дама а дан деза аша. Ткъа коьмаца дан деза кІен сагІина лерина зайтдаьттанах эдина долу ялхитта кад тоьлла кІен дама. Иштта хІора Іахарца дан деза кІен сагІина лерина долу зайтдаьттанах эдина бархІ кад тоьлла кІен дама. Иза цІера тІехь даьккхина долу дагоран сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. ЧагІаран сагІина лерина цхьана старгІица цхьаьна аххІин чагІар а, коьмаца цхьаьна хІинан кхоалгІа дакъа чагІар а, цхьана Іахарца цхьаьна хІинан доьалгІа дакъа чагІар а дан деза. Цу тайпана дийнаташ дагоран сагІа даккха деза шеран хІора бутт болалучу хенахь. Шаьш хІора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран а, чагІаран а сагІанел сов Везачу Элана лерина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша».
Выбор основного перевода