Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта сагІанаш тІетоха деза аша хІора дийнатна, церан терахье хьаьжжина. Иштта дийнаташ дагоран сагІа доккхучу хенахь чагІаран сагІа а даккха деза. ХІора Іахарца цхьаьна дан деза хІинан доьалгІа дакъа долу чагІар. Иза Везачу Элана лерина сагІа ду, езачу меттехь дотта деза иза. ЧагІаран сагІина лерина цхьана старгІица цхьаьна аххІин чагІар а, коьмаца цхьаьна хІинан кхоалгІа дакъа чагІар а, цхьана Іахарца цхьаьна хІинан доьалгІа дакъа чагІар а дан деза. Цу тайпана дийнаташ дагоран сагІа даккха деза шеран хІора бутт болалучу хенахь. Цаьрца цхьаьна кІен сагІина лерина зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кІен дама а кечде: хІора старгІица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама, ткъа ворхІ Іахарх хІоранца дан деза бархІ кад дама. Цаьрца цхьаьна кІен сагІина лерина хІора дийнатца зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кІен дама а кечде: хІора старгІица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама, Иштта оцу хІора ворхІ Іахарца дан деза бархІ кад дама.
Выбор основного перевода