Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха цара ПаІорехь волчу БаІал-цІунна Іибадат дарехь дакъалоцура, шайна чохь дахар доцучу харцделанашна даьхначу сагІанех хІума йоура. Шаьш лелориг бахьана долуш Дела оьгІазъоьхуьйтура цара, тІаккха царна тІе ун доьссира. Везачу Эло боху: «Суна Исраилан халкъ схьакарийча, яьссачу аренгахь кемсаш каро хан санна хилла иза. Суна шун дай гича, инжиран дитта тІехь хьалххе хуьлу дуьххьарлера инжир санна хилла иза. Амма уьш БаІал-ПаІорна тІебахча, сийсаза долчунна юкъаозабелира. Иза а дина, шайна везавелла цІу санна, маьттаза бевлира уьш.
Выбор основного перевода