Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. Кхин деланаш бахьана долуш Иза карзахваьккхира цара, шайн дегазчу цІушца Иза оьгІазвахийтира цара. Дела воцучуьнца цара хьагІ хилийтина Сан, баьссачу цІушца оьгІазло хилийтина Соьгахь. Ткъа халкъ доцучуьнца Аса хьагІ хуьлуьйтур ю церан, кхетам боцучу къомаца Аса оьгІазло хуьлуьйтур ю цаьргахь. Шайн сагІа доккхучу гунашца Иза оьгІазъоьхуьйтура, шайн цІушца Цуьнан эмгаралла меттахйохура. Амма Пайнехьас, дІа а хІоьттина, юкъарло йира, тІаккха и ун дІасадаьржачуьра сецира. Церан долахь долчу я детига, я дешига кІелхьарбахалур бац уьш Везачу Элан оьгІазаллин дийнахь. Цуьнан эмгараллин цІеро хІара дерриге а латта дагийна дІакхоллур ду. Цо лаьтта тІехь вехаш волу хІорра а цІеххьана кхоччуш дІавоккхур ву.
Выбор основного перевода