Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. Ларлолахь, цу махкахь Іаш болчу нахаца берта ма гІолахь, хІунда аьлча, Соьгара дІа а бирзина, шайн деланашна тІаьхьахІиттича, царна сагІанаш даьхча, хьо дІакхойкхур ву цара, ткъа церан деланашна лерина сагІанаш даа там бу ахьа. Церан мехкарий хьайн кІенташна ма балабе, Везачу Элера дІа а бирзина, шайн деланашна тІаьхьахІиттар цу мехкаршка хьайн кІенташна ца Іамадайта. Иза бахьанехь Везачу Элан халкъана таІзар дина долу, таханлерчу дийне кхаччалц вай цунах цІандалаза долу ПаІора дина зулам кІезиг дара вайна? Дац! Амма дин доцучара сагІина яхьа хІума, Далла а ца яхьаш, жинашна яхьа. Ткъа суна ца лаьа, аша жинашца дакъа а лоцуш, шу цаьрца тайна хила.
Выбор основного перевода