Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
БалиІаман хьехамца ПаІор цІе йолчу меттехь исраилхой Везачу Элах дІаберзийна болу зударий уьш ма бу! И бахьана долуш Везачу Элан халкъана юкъахь адам хІаллакдеш ун ма даьржинера. Цу хенахь Везачу Эло хІаллакбина болу шайн берриге а хьалха дуьнен чу бевлларш дІабухкуш бара мисархой. Иштта кхел йинера Везачу Эло церан деланашна. Марра цІе йолчу меттера ара а бевлла, Элиме баьхкира уьш. Ткъа Элимехь дара шийтта хин хьоста а, кхузткъе итт хурманийн дитт а. Цигахь шайн меттамотт дІахІоттийра цара. Сан халкъ! Дагадаийтахьа Муаби-мехкан паччахьо Балакха дагалаьцнарг. Цуьнга хІун жоп делира БеІаран кІант волчу БалиІама? ХІун хуьлура Шитимера Галгале кхаччалц, Делан бакъдолу гІуллакхаш хьуна довзийтархьама?» Царах цхьаболчара лелийнарг а лелийна, сийсаза ма довла вай! Оцу цхьана дийнахь царах ткъе кхо эзар стаг хІаллакьхилира. Нийса некъ дІатесна, тилабелла болу уьш, харц кхоэ сатуьйсуш висинчу БеІаран кІентан БалиІаман новкъа бевлла. Делахь а, шуна дуьхьалдаккха цхьацца хІума ду Сан. БалиІаман хьехамаш тІелаьцна болу цхьаболу нах бу шуна юкъахь. Исраилхошка къилахь долу гІуллакхаш леладайта Іамийнера цо Балакх-паччахь. Цара, цІушна сагІина лерина еана хІума а йоуьйтуш, Далла хьалха сийсаза долу хІума леладойтура исраилхошка.
Выбор основного перевода