Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу хенахь а, цул тІаьхьа а наьрташ хилла Лаьтта тІехь. Делах дІакъаьстина болу божарий адамийн йоІарех кхетий, оцу зударша бераш дан долийна. Уьш дара майра а, ницкъ болуш а, дикка хенахь дуьйна гІарадевлла а адамаш. Стенга даха деза вай? Вайн вежарша вайн дегнаш малдина: ‘И халкъ алсам ду, вайл дукха а, лекха а ду. Цигара гІаланаш яккхий а ю, стигала кхаччал лекха чІагІонаш йолуш а ю. Цул совнаха, Іаьнакх цІе йолчу турпалх схьабевлларш а гира тхуна цигахь’, – бохуш“. Оцу лаьттан халкъашна юкъахь ницкъ болу а, доккха дегІ долу а Іаьнакхахой бу. Царах лаьцна шуна хууш а ду, хезна а ду иштта олуш: „Мила ву Іаьнакхахошна дуьхьал латталур волуш?“
Выбор основного перевода