Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш, дІа а бахана, лаьмнаш тІе а бевлла, Ашкул-тогІенна тІе а кхаьчна, цуьнга бІаьрг а тоьхна, дІасахьаьвсира. Оцу лаьтта тІера стоьмаш, шайн кара а эцна, вайна схьабеара цара. Вайна хаам а бахьаш, цара иштта элира: „Мел хаза ду вайн Везачу Дала вайна схьалуш долу латта“. ЧІагІлолаш, доьналла долуш хилалаш, царах кхера а ма лолаш, Іада а ма делаш, хІунда аьлча шун Веза Эла Ша хьалхавер ву шуна. Иза шух дІавоьрзур а вац, Цо шу дІатосур а дац». Везачу Эло, Нунин кІант ЮшаІ куьйгалхо санна къобал а веш, цуьнга иштта элира: «ЧІагІ а ло, доьналла долуш а латта, хІунда аьлча Ас цаьрга чІагІо йинчу лаьтта тІе ахь буьгур бу уьш. Со хьоьца хир ву».
Выбор основного перевода