Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу махкахь дехаш долу халкъ ницкъ болуш а ду, церан гІаланаш чІагІйина а ю, дикка яккхий а ю. Тхуна-м Іаьнакхахой а гира цигахь. Цигахь тхуна гира Іаьнакхан тІаьхьенах схьабевлла болу даккхий догІмаш долу дажалш. Царна хьалха тхаьш цІоз долуш санна хетара тхуна, церан бІаьргаш чухула тхо а хетара иштта долуш санна». Хьевронан цІе хьалха Кхиръят-АрбаІ хилла. (АрбаІ цІе йолуш Іаьнакхахойн тІаьхьенашна юкъахь цхьа сийлахь стаг хилла.) Цул тІаьхьа тІамах садаьІира лаьтто. Везачу Эло шена тІе-ма-диллара, Епунин кІантана Килабана ЯхІудан тайпанна юкъахь дакъа делира ЮшаІа. Цо цунна елларг Кхиръят-АрбаІ яра, хІинца шех Хьеврон-гІала олуш йолу. (АрбаІ Іаьнакхан да хилла.) Килаба цигара Іаьнакхан тІаьхьенаш араехира. Уьш Шешайн а, Ахьиманан а, Талмайн а цІийнах болу нах бара. Мисар-махкахь, ЦоІан олучу кІоштахь, церан дайн бІаьргашна хьалха гайтира Цо тамашийна хІуманаш.
Выбор основного перевода