Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, шаьш Паран цІе йолчу яьссачу арахь долуш Мусас нах бахийтира цу лаьтте хьовса. Уьш берриш а исраилхошна юкъахь коьртанаш бара. Хьалхарчу баттахь берриг а исраилхой, Цин цІе йолчу яьссачу ара а баьхкина, Кхадеш олучу меттехь севцира. Цу меттехь Марем кхелхира, цигахь иза дІа а йоьллира. Везачу Эле тхо кхайкхича, Цунна хезира оха доьхург. Шен Малик а даийтина, Мисарара тхо арадехира Цо. ХІинца хьан дозанна уллохь йолчу Кхадешехь ду тхо. Аса Кхадеш-БарнаьІара шаьш цу лаьтте хьажа дахийтинчу хенахь шун дайша а дира изза.
Выбор основного перевода