Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Адаме Везачу Дала элира: «Аса аьллачуьнга ла а ца дугІуш, хьайн зудчо бохург а дина, ма баа аьлла стом ахьа баарна, хьо бахьанехь неІалт кхайкхадо Ас кху лаьттана а. Хьо валлалц халонца а, къинхьегамца а лохур ду ахьа хьайна напха. ТІаккха лаьттара адамаш чІогІа галдевлла хилар а, церан ойланаш а, дегнаш а, массо а ханна а зуламах дуьзна хилар а гира Везачу Элана. Ткъа Аса хи доуьйтур ду лаьтта тІе, стигалш бухара чохь са мел долу хІума а хІаллакьярхьама. Лаьтта тІехь мел долу хІума хІаллакьхир ду. Иштта барт бо Ас шуьца: лаьттара йисина дийна мел йолу хІума хица хІаллакйина яра, амма ишттаниг кхин цкъа а юха хир дац аьлла. Кхин цкъа а латта хи тІедаларца хІаллакдийр дац». Суна дагабогІур бу Ас шуьца а, лаьттахь дийна мел йолчу хІуманца а бина барт, кхин цкъа а массо а дийна хІума хи тІедаларца хІаллакйийр яц аьлла. Берриг а ка сагІа доккхучу кхерча тІехь багабе. Иза дийнат дагоран цІера тІехь даьккхина сагІа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. Оцу стага бежанан когаш а, чоко а дилича, динан дас дерриге а дакъош цІера тІехь даго деза. Иза цІера тІехь дагош долу сагІа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. «Суна иза Нохьин деношкахь санна ду. Цу хенахь Ас чІагІо йира, кхин цкъа а лаьтта тІе Нохьин хиш дер дац аьлла. ХІинца Ас чІагІо йо кхин хьуна оьгІаз ца ваха а, бехкаш ца даха а. Шаьш дІасадаржийначу кхечу къаьмнаш юкъара Аса шу ара а даьхча, кхечу мехкашкара Аса шу схьа а гулдича, шу, хаза хьожа йогІу хІума санна, тІеоьцур ду Аса. Кхечу къаьмнашна хьалха шуьгахула дІагойтур ду Аса Со веза хилар. хІунда аьлча массара а къинош а летийна, массо а Делан сийлаллех дІакъастийна а ву. КІелхьарбовларан некъа тІе бевллачарна а, хІаллакьхиларан новкъахь болчарна а юкъахь Дала леррина Къобалвинчо Далла доккху хаза хьожа йогІу сагІа санна ду вай. Даггара болчу безамца лелалаш, вай деза а делла, вайн дуьхьа Шен са хаза хьожа йогІучу сагІина а, Далла тамехь долчу гІурбанна а дІаделла волу Дала леррина Къобалвинарг санна. ХІинца шортта хІума ду сан. Оьшург ерриге а йолуш ю, аша мел даийтина совгІаташ Эпар-Падатис соьга схьакхачийна. Далла доккху хаза хьожа йогІу сагІа санна ду и совгІат, Дела цунна реза а ву.
Выбор основного перевода