Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхузахь гена йоццуш цхьа жима гІала ю, цига вахийтийша со. Цига дІакхаьчча, кІелхьарвер вара со, иза жима гІала ма ю». Рахьал дагахь а йолуш, цуьнан доІина жоп а делла, бер хилийта аьтто бира Дала. Шена исраилхойн узарш хезча, Дала ойла йира Ша ИбрахІимца а, Исхьакхаца а, Якъубца а барт барх лаьцна. Мусас хІорда тІехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чІогІа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хІорд дІаса а бекъабалийтина, латта дакъийра. Іуьйранна хьала а гІаьттина, Далла корта а тоьхна, уьш шайн цІа долчу Раме юхабахара. Элкхан шен зудчуьнца дІавижинчул тІаьхьа Дала Хьанатан дехар Шена дагадаийтира. Цо догІа сацадахь, массо а хІума якъалур ю, Цо хиш схьахецахь, цара дерриг а латта хІаллакдо. ТІедевллачу хишна тІехь а олалла динера Везачу Эло. Абаденналц а паччахьан олалла дийр ду Везачу Эло. Амма хиш, Ахьа бохург а дина, юхадевлла, къекъачу Хьан озах къаьхкина уьш девдда дахана. КІоргачу хине Ас боху: „Дакъало! Ас дІалакъор ду хьан татолаш“. Цо омра дича, хІорд а бакъало, дерриг хиш а лекъа. Башан-мохк а, Кармал-лам а маргІалбулу, Ливанун-ломан зазанаш дакъало.
Выбор основного перевода