Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ИсмаьІалан тІаьхьенах болу и маданхойн совдегарш тІехбовлучу хенахь вежарша Юсуп, гІуна чуьра хьала а ваьккхина, ткъа детин ахчанах царна воьхкира. Цу наха иза Мисара дІавигира. Оха жоп делира: „Къена да а ву, иза воккха волчу хенахь хилла жима ваша а ву“, – аьлла. Тхан дена къаьсттана дукхавеза и жимаха волу кІант. Цу кІентан нанас вина ваша вала а велла, ша цхьаъ висна иза. Шуна дагадеара суна зулам дан, амма Дала цунах дика болх хилийтира, хІинца тахана долуш дерг кхочушхилийта: дукха адамаш лечуьра кІелхьардахар. Дала мацалла хІоттийра лаьтта тІехь, церан дисна напха а хІаллакдира Цо. Цо царна хьалхаваьлла стаг вахийтира – лай вина воьхкина волу Юсуп. ДІаала Ярушалайме эсала, дІахаийта цуьнан халкъе, бала хьегна шераш чекхдевлла хилар, цуьнан къинойх мах дІабелла хилар. Везачу Элан куьйгах шалха таІзар тІеэцна цо дерриг а шен къинойх».
Выбор основного перевода