Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло кхачам боллуш догІанаш дохкуьйтийла хьан латта токхе хилийта, хьуна алссам ялта а, керла чагІар а хилийта. Иштта, уггаре а тоьлла долу дерриге а зайтдаьтта а, дерриге а керла даьккхина долу чагІар а, Суна, Везачу Элана, лерина халкъо дахьаш долу кІа а, цо дуьххьара схьагулдечу сурсатех деанарг а Аса хьуна дІало. Исраилан халкъо шаьш схьадаьккхинчух уьтталгІа дакъа деача, аша цунах тоьлла а, уггар даздина а дерг схьакъасто деза. Иза аша Везачу Элана лерина дІадала дезаш дерг хир ду“.
Выбор основного перевода