Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юсупан стоьла тІера яа хІума елира царна, Бен-Яманна луш ерг вукхарна лучул пхоьазза сов яра. Юсупца самукъадаллалц молуш Іийра уьш. «ХІумма а ца хилла, – аьлла, жоп делира ялхочо. – Сан олахочо хьоьга хІара ала ваийтина со: „Эпрайм-лаьмнашкарчу пайхамарийн тобанера ши пайхамар веана со волчу хІинцца. Доьху хьоьга, царна ши пунт дети а, хуьйцуш тІеюха ши бедар а яийтахьа“». НаІамана элира: «Схьаэцахьа йиъ пунт дети». Цо дехарш дора, схьаэца бохуш. ТІаккха дети а, хуьйцуш юха ши бедар а, шина тІоьрмаг чу а йиллина, иза дІабихкира НаІамана. Шен ялхойх шиъ, ГІайхьазина хьалха а ваьккхина, и тІоьрмагаш цаьрга дІабахьийтира цо.
Выбор основного перевода